ГIажаройн зарратан программа хIаллакйан Iалашонца Израила тохарш доладалале цхьа де хьалха Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедира, ГIажарийчоьнан посолца Джалали Каземца шен цхьанакхетар хиларх а, цо ша Исламан пачхьалкхе хьошалгIа кхайкхарх а лаьцна. Цу шиммо дийцарединера боху Европехь бусалба нах хьийзош хилар а, Оьрсийчохь дин "бакъонца Iалашдан" дезаш хиларх а. Сунитийн Нохчийчоьнан а, шиIийн ГIажарийчоьнан а йукъаметтигех дуьйцу тхан редакцин материалехь.
Нохчийчохь гIажаройн дипломати
Нохчийчохь ши тIом боьдучу заманчохь (1994-1996-чу а, 1999-2009-чу а шерашкахь) ГIажарийчоьнан динан лаккхарчу гIуллакхдархойн - аятоллийн - республика йозуш йоцуш хила луучаьргахьа йолу позици кхоллайеллера "бусалбанашна дуьхьал" Москвано болийна тIом йемал барна тIехь. Царна дуьхьал маслаIате къамелдора гIажаройн официалан арахьарчу гIуллакхийн министралло. И конфликт Оьрсийчоьнан чоьхьара проблема лорура цара.
Доккхачу декъана Нохчийчуьра тIемаша цхьана а кепара Iаткъам ца бора Москван а, ТIехIеранан а йукъаметтигашна. Нохчийчохь дӀахьочу тӀемашца йоьзначу ГӀажарийчоьнан официалан политико гайтира "бусалба нахана тӀехь ницкъ барехь" къестамаш бар, ткъа иза доьзна хила тарло, нохчийн масална тIехь ГIажарийчохь а Iедалхошна дуьхьалбовла тарло аьллачу сингаттамца, билгалдаьккхира Middle East Policy журналан аналико Самии Била.
ГIажаройн Iедалхошна оппозицихь болу ницкъаш новкъарло йан гIоьртира Москван а, ТехIеранан а йукъаметтигашкахь, ГIажарийчуьра тIеман каппашкахь "нохчийн тIемалой къайлаха тIамана Iамош бу" бохуш, хаамаш а баржош. Цунна дуьхьал ТехIеранехь дIахьедора, тIемаш бирзинчул тIаьхьа махкара экономика меттахIоттош гIо дан шаьш кийча хиларх. Ткъа цунах, хIетахь "Исламан конференци" дуьненан организацин пачхьалкхийн-декъашхойн векалш Соьлжа-ГIалахь тIеоьцуш хиллачу Кадыров Рамзанан самукъа ца долийла а йацара,
2010-чу шерашкахь гIажаройн посолийн Нохчийчоьнан векалшца цхьанакхетарш кест-кеста нислора. Масала, 2020-чу шеран лахьан-баттахь ГIажарийчоьнан Москвахь волу посол Джалали Казем Соьлжа-ГIала веанера даим дIахьочу гIажаройн-оьрсийн а куьйгалхой вовшахтоьхначу йохка-эцаран экономикан йукъарло лелоран йалхийттолгIачу кхеташоне. Республикехь иза цхьанакхийтира Нохчийчоьнан муфтийца Межиев Салахьца. Эхашарахь шолгIа веанера ГIажарийчоьнан посол хIетахь Нохчийчу.
2024-чу шеран гезгамашин-баттахь ГIажарийчоьнан хьалхарчу каналан журналисташ баьхкира Соьлжа-ГIала цIеххьана – гIажарошна лерина Нохчийчонан лаьцна кино йаккха.
Нохчийн муфтият шийIишна дуьхьал
Бакъду, кест-кеста дипломатин уьйраш лелошшехь, дерриг а дика дӀа ца доьдура Соьлжа-ГӀалин а, ТехӀеранан а юкъаметтигашкахь. 2016-чу шарахь Нохчийчоьнан муфтийс Межиев Салахьа йихкира Мухьаммад пайхамарх лаьцна гIажаройн филм. Бахьана дара пайхамаран васт исламехь гайтар магийна цахилар.
Нохчийчохь хилла ца Ӏаш, йоллу Къилбаседа Кавказехь а гуш хиллачу ГӀажарийчоьнан жигараллин тӀеӀаткъамо, дикка шеконаш кхуллура муфтийн. 2017-чу шеран мангал-баттахь Межиев Салахьа "сихонца кхайкхам" зорбане баьккхира, цу тӀехь цо варе дира республикехь шиӀийн динан тексташ йаржаран кхерам хиларх лаьцна. "Шен културин куьцехь ГӀажарийчоьно йаржош йу шиӀийн динан литература, цуьнца исламан бакъболу некъ галбоккхуш", - дIахьедира хӀетахь нохчийн муфтийс (орфографи цахийцина - Ред.).
Цул тIаьхьа шо даьлча Мисаран "Мыср Арабия" газетана йеллачу интервьюхь, цо кхайкхамбира СаIуда Iаьрбийчоьне а, ГIажарийчоьне а, шайн "шиIийн а, вахIабистийн а мазхьабашца Оьрсийчуьра тхан бусалба йукъараллина тIе ма гIерта" аьлла.
ТӀаьхьо кхел йинчу публицистан Ибрагимов Ризванан Iилманца доьзна ГӀажарийчу вахар тӀеийцира нохчийн куьйгалло шиIийшна гӀортор йар санна. Иштта Нохчийчоьнан куьйгаллин хеттарш кхолладелира Ибрагимовс 2016-чу шарахь чиллан-баттахь ГӀажарийчоьнан дуьненаюкъарчу Аль-Мустафа университетехь йешначу лекцех лаьцна а.
Публицистан къамелехь нохчийн Ӏедалхойн бала кхаьчна хила тарлора шиIийн бусалба вирдаш – ГӀажарийчохь пачхьалкхан дин – Нохчийчохь лелочу суннизман тайпанца дустар.
Кадыровн тайп-тайпана исламан ши политика йу: "цӀахь лелош" а, йиллина, дуьненаюкъараллина лерина а
Цул тӀаьхьа Ибрагимов Ризвана критика йира Нохчийчохь шуьйра йаржийначу шейх Кунта-Хьаьжин Кишиевн культах лаьцна а, нохчийн муфтиятан динан дайх лаьцна а, иштта, цунна хетарехь, "ханна дечу захалонаша" зударийн сий дайарх лаьцна а.
Эххар а цунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх долийра экстремизмаца доьзна, 2017-чу шеран аьхка арахь такха ши шой, ахшой хан туьйхира Ибрагимовна. Кхелехь йаздархочо дIахьедира, Кадыровн имамо Хийтанаев Мохьмада ницкъбира шена бохуш. 2020-чу шарахь Пятигорскера йукъарчу юрисдикцин ПхоьалгIачу Кассацин кхело Ибрагимовн хьокъехь кхайкхийна таIзар йухадаьккхира.
Нохчийчохь шиIийх лаьцна хабарш дийца долийра, Иракъехь гучуйаьллачу Мухьаммад ал-Касназани тӀарикъатан нохчийн мурдаш хиларх лаьцна хаам баьржинчул тӀаьхьа. Сектан цхьана ламастехь дакъалаьцначу Зубайраев Асланбекан цхьаьнакхета дийзира Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца. Цо тӀедожийра цунна шиизм йаржор сацадар.
"ЦIахь лелон" доттагIалла дац?
ГӀажарийчоьнан зарратан программа йохон дагахь Израило дӀайаьхьначу операцино Исламан Республикан Къилбаседа Кавказца йолчу юкъаметтигашна цхьана а кепара тӀеӀаткъам бахь тамаш бу-кх аьлла, билгалдаьккхира тӀеман эксперто Шарп Давида редакцица хиллачу къамелехь.
"ХӀаъ, Къилбаседа Кавказехь дуккха а нах бу ГӀажарийчоьнна са гатлуш, бала кхаьчна, амма оцу гӀуллакхо нагахь санна цхьана кепара Ӏаткъам бахь, ГӀажарийчуьра мухӀажарш Къилбаседа Кавказе, йа Кавказе хьовдур бу. Цуьнца а догӀуш, хӀара йеккъа цхьа хаамийн гӀирсийн фон йу, цхьаммо цхьана йа вукху интересашна пайдаэца йиш йолуш, динан пропаганди тIера долийна, Iедалхойн, йа прапагандийстийн гIуллакхашца йоьрзур йолу. Амма Гергарчу Малхбалехь конфликт марсайаларна, Къилбаседа Кавказана Iаткъам бийр болу кхин дIоггара хIума суна ца го", - билгалдоккху къамелхочо.
Цу хьолехь оццул цу юкъагӀертар гайта ГӀажарийчоьна оьшуш дац, Кадыровна оьшу – дуьненан масштабан глобалан хиламашкахь "йукъагӀертаран" агӀор хьаьжча, боху Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан политолого (оха цуьнан цӀе ца йовзуьйту кхерамазаллин бахьанашца).
"Нохчийчоьнан куьйгалхо хилла ца Ӏаш, регионан куьйгалхо, Оьрсийчоьнан политикан бусалба агӀор Ӏаткъаме ловзархо хила гӀерта. Официалан дӀахьедаршкахь цо гӀортор йо ГӀажарийчоьнна дуьненаюкъарчу девнашкахь а, конфликтан хьелашкахь а, шина агӀонан зӀенашкахь цо жигара уьйраш латтайо, Нохчийчоь Москвана а, ТехӀеранна а йукъара "тӀай" долуш санна. Динан декъехь цо гойту суннитийн а, шиӀийн а ларамна тӀехь лаьтташ йолчу цхьаьнакхетараллин масал. Йукъараллин риторикехь цо хаддаза кхуллу ГӀажарийчоьнан доттагӀаллин, вежарийн пачхьалкх санна долу сурт, иза нийса тӀе ца оьцу ГӀажарийчохь долчу шиӀийн исламе кхераме хьоьжучу бахархоша", - аьлла хета экспертна.
Церемониалан цхьанакхетарш а, нах тIеэцар а билггал аьлча чIогIа оьшуш ду Кадыровна – къаьсттина хIинца, ша могуш вац бохуш дуккха а хабарш даьржинчу йукъанна, билгалдаьккхира шен цIе хьулйинчу Москвара Къилбаседа Кавказан политологина а, этнологина а тIехь талламаш бечу эксперто. Оцу леларца, ша хIинца а хIумана гунахь ву, ша йукъара ваьлла вац бохуш, дIагайта хьийза иза, кхин дIа дийцира цо.
"Хууш ма-хиллара, оцу кепара официалан арахьарчу дипломатийн визиташ хила йиш йу инициативица йа, мел кӀезга а, президентан администрацица а, Оьрсийчоьнан арахьарчу гӀуллакхийн министраллица а барт а бина. Хетарехь, хӀара цхьана кепара Оьрсийчоьнан бусулбачу нехан агӀор ГӀажарийчоьнна "гӀортор" гайтар ду. Амма вайна дага ма догӀу, Нохчийчоьнан куьйгалхо шиIийшца муха ву, массарна гуш-хезаш шиIийн ГIажарийчу вахна хиллачу масех стагана тIехь цо йина кухел", - билгалдоккху цо.
Къилбаседа Кавказан регионан эксперт волчу, Украинин стратегин коммуникацийн а, информацин кхерамзаллин а центран белхахочо Майоров Максима билгалдоккху, Израилца тасадалар тӀекхочучу дийнахь ГӀажарийчоьнна чӀогӀа оьшуш йара шен кӀеззигчу дуьненаюкъарчу накъосташкара гӀортор. Оьрсийчоьнера гIоьналла а оьшура царна, тешна ву иза.
"ТIеман а, политикан а цхьанаболхбарх хеттарш – Путинан а, Лавровн а, Белоусовн а тIегIанехь ду, ткъа Кадыров – исламан агIонах жоп дала векал вина ву официалехь а доцуш. И гучудолу, масала, Нохчийчоьнан куьйгалхо Iарбойн мехкашкахь Оьрсийчоьнан дипломатина йукъахь хиларехь, цигахь Кадыров кест-кеста хуьлуш ву. Джалали Казем Соьлжа-ГIалахь хиларх лаьцна Кадыровс пост йазйира, цу тIехь консервативе исламан мехаллаш Малхбузенан либерализмана а, дерриг а магош хиларна а дуьхьал йехира цо", - тидамбира къамелдечо.
Эксперто цу тезисах "Москван-ТехӀеранан асан йукъара идеологин бух" олу, цунна йуккъехь, хетарехь, Кадыров Рамзанна луур дара Соьлжа-ГӀала ган. Оцу йукъанна республикан Iедалхойн исламан политика бӀостанечу хӀуманех йуьззина йу, бохуш кхин дӀа а дуьйцу Майоровс. Цхьана агӀор - Персийн аймин монархашца доттагӀалла ду, вукху агӀор, суннитийн исламна арахьа салафизм дӀахӀоттош йолу "Соьлжа-ГIалин фетва" йу, салафизм суннитийн исламна арахьа хIоттош. Цхьана агӀор ГӀажарийчоьнца солидаралла йу, вукху агӀор, Нохчийчохь шиӀийн жайнаш даржор дехкар ду: "Схьагарехь, Кадыровн тайп-тайпана шиъ исламан политика йу. Цхьаъ махкахь лело лерина йу, сектантийн йу иза. Важа йиллина йу – дуьненаюкъара- Оьрсийчоьнан Малхбузенна дуьхьал йолчу альянсашна идеологин гӀортор латторхьама лелош", - аьлла хета Майоровна.
- ГӀажарийчоьнан Оьрсийчохь волчу векалца Кадыровн къамел хилале цхьа кӀира хьалха йоккха скандал иккхира "Ахматан" командирна Алаудинов Аптина а, Сочера мозгIарна Виноградов Гавриилна а йукъахь. Бахьана дара РПЦ-н белхахочо бина хьехам, цу тӀехь цо дӀахьедира, "бусалба нехан эскар" кийча ду "Москван бахархошна арсаш хьекха", нагахь санна шайна моллас омра дахь аьлла. Виноградов даржера дӀаваьккхира, амма православин жигархоша доьхура, мелхо а, кадыровхо балхара дӀаваккхар а, цунна дуьхьал бехктакхаман гӀуллакх схьаделлар а. Цунна бехкаш дехкира, цо Виноградовх лаьцна "оба йоьхна тентиг" аларна.
- Дагестанехь дийнахь а, буса а йустуш латтош йу мехкан къилбан агIор йолу радиацин фон – Дербентехь а, Яраг олучу эвлахь а – цигара дIа ГIажарийчу 165 чакхарма йу. И доьзна ду уран латточу гIажаройн Натанзера центрна тохарш дарца. Дустарш хIора шишша сахьт мел дели деш ду, амма цкъачунна бехдаларан тIегIа йузуш йац, дIахьедира Роспотребнадзоро.